Кху деношкахь Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан хилира Соьлжа-ГIалин Заводской районехь автодром ечохь.
Хьалха мехкадаьттанан гIуллакхдеш йолу заводаш лаьттинчохь еш ю иза. Россехь а шех тера ерг кхин йоцуш, хаза а, дика а хир ю автодром. Цул сов, республикин уггаре а яккхийчу проектех цхьаъ а ю иза. 60 гектар гергга долчу лаьтта тIехь картодром а, автокросс а, сафари а хир ю. Пхи некъ хир бу цигахь.
Р.Кадыровс шен instagram агIон тIехь хаийтира беш болчу белхашна ша реза хилар.
– Ас даггара баркалла элира оцу белхан куратор волчу Нохчийн Республикин Правительствон Председателан хьалхарчу заместительна Тумхаджиев Iийсана а, оцу объектехь болх беш болчарна а. Уьш дика ларош бу шайн декхаршца, уьш кестта бевриг хиларан цхьа а шеко яц. I.Тумхаджиевс хаам ма-барра, Iалашо ю карарчу шеран август баттахь оцу автодромехь Россин чемпионат дIаяхьа, – элира Р.Кадыровс.
Р.АБДУЛМУСЛИМОВ
№ 71, шот, 27 июнь, 2015 шо