6 эзар сов синтар доьгӀна «Ӏалашйийр йу хьун» акцин гурашкахь

Соьлжа-ГӀалин хьуьнан бахамехь 6 эзар сов синтар доьгӀна жигархоша.

И маьӀне гӀуллакх Йерригроссин «Ӏалашйийр йу хьун» акцин гурашкахь дӀадаьхьна.

Оцу акцехь вайн республика дакъалоцуш йолу 4-гӀа шо хилар хаийтина НР-н Ӏаламан тӀаьхьалуонийн а, гуонахара хьал лардаран а министерствон векалша.

Цул сов, синтарш догӀаран белхаш кхийолчу муниципалитеташкахь дӀабахьар а тӀетоьхна цара.

Лакхахь хьахийначу министерствон а, Хьун ларйаран Нохчийн Республикин туьшан а, НР-н профсоюзийн федерацин а, хьуьнан бахамийн а белхахоша оцу акцехь дакъалацар билгалдоккху.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: