Соьлжа-ГӀалин кӀоштийн суьдийн цӀераш хийцаран хьокъехь законопроект тӀеэцна

Россин Пачхьалкхан думин депутаташа тӀеэцна Соьлжа-ГӀалин кӀоштийн суьдийн цӀераш хийцаран хьокъехь законопроект.

Цуьнан автор Нохчийн Республикин Парламент йара.

Законопроектан лехамашца а догӀуш, Соьлжа-ГӀалин кӀоштийн суьдийн цӀераш иштта хийца лерина:
1) Ленински кӀоштан суд — Ахьмадан кӀоштан суд;
2) Октябрьски кӀоштан суд — БойсгӀаран кӀоштан суд;
3) Старопромысловски кӀоштан суд — Висаитовн кӀоштан суд;
4) Заводски кӀоштан суд — Шайх Мансуран кӀоштан суд.

2020-чу шарахь Соьлжа-ГӀалин кӀоштийн цӀераш хийцарх а, цигарчу суьдийн цӀераш хийцина йац хӀинццалц.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: