
Тахана, лахьанан беттан 10-чохь, Шелан кӀоштан администрацехь билгалдаьккхира Россин чоьхьарчу гӀуллакхийн органийн белхахочун де.
ТӀеман ветеранаш а, белхан декхарш кхочушдарехь заьӀап хилларш а декъалбира цигахь дакъалоцуш хиллачу кӀоштан префекта Борщигов Ӏийсас.
Нохчийчохь маьрша дахар дӀахӀотторехь, шайн синош а, догӀмаш а ца кхоош, цара къахьегна хилар билгалдаьккхира цо шен къамелехь.
Цул тӀаьхьа, кӀоштан цӀарах Баркаллин кехаташ а луш, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондан цӀарах ахчанашца совгӀаташ дира гулбеллачарна.
Иштта, оцу цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш хиллачу Чоьхьарчу гӀуллакхийн министерство йолчуьрчу Ветеранийн союзан председателан заместителан Джакуев Рамзанан а, ветеранийн хьашташка леррина ла а дугӀуш, цаьрца къамел дойла нисделира.