
Пачхьенерчу С.Билимхановн цӀарахчу стадионехь ремонтийн белхаш дӀахьур бу.
Иштта барт хилла Физически культурин а, спортан а, кегийрхойн политикин а министран Ибрагимов Ӏийсан а, ГӀишлошйаран а, хӀусамийн-коммунальни бахаман а министран Зайпуллаев Муслиман а.
Билггал аьлча, цигара «Малхбузе» трибуна, чуйожа кхераме хилар тидаме а оьцуш, дӀайаккха сацам бина.
Цул сов, тойан пайдане йоцу гӀишло а дӀайоккхур йу.
И белхаш сихонца дӀахьур бу. Ткъа цул тӀаьхьа, кхеташ ма-хиллара, гӀишлошйархоша баккхий хийцамаш бийр бу цигахь.