Х1окху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу Радион цIийнан актови залехь Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Умаров Джамбулата тIеийцира «Союз абхазских добровольцев Кабардино-Балкарской Республики» цIе йолчу юкъараллин организацин векалш. Оцу мероприятехь дакъалецира Нохчийн Республикин Парламентан депутата Алхазуров Мохьмада, Нохчийн Республикин Iилманийн Академин президента Гапуров ШахIруддис, официальни кхечу наха.
Умаров Джамбулата билгалдаьккхира нохчаша а, абхазаша а вовшашца даима гергарло лелийна хилар. Цундела, масех шо хьалха, Абхазин Республикина бала тIе хIоьттинчу хенахь Нохчийчоь юьстах ца йисира.
«Нохчийн Республикин Парламентан делегацица сан кест-кеста Абхази вахар хилла. Ас цигахь тайп-тайпанчу мероприятешкахь а, конференцешкахь а дакъалаьцна. Цундела республикин куьйгалхошца тхан даима а гергарло хилла. Суна ала луур дара адыгин къаьмнаша: гIебартоша а, чергазаша а, абхазаша а шайна тIе муьлхха а хало хIоьттича, синош ца кхоош, цунна дуьхьал къийсам латош хилла. Уьш турпалхой бу, цхьа а шеко йоцуш. Иштта, уьш дага а лоцуш, цхьаьнакхетта вай тахана», – элира министра.
Лакхахь хьахийначу юкъараллин организацин председатела Яхогоев Сергейс даггара баркалла элира шаьш дика тIелацарна. Цул тIаьхьа цо тидам тIебахийтира шайн делегаци Нохчийн Республике яран коьрта Iалашо иза нохчийн сийлахьчу кIентийн сийдар хиларна.
«Вайн къаьмнаш даима вежарий санна даьхна. ГIебартоша а, нохчаша а дуккха а гIодина абхазин къомана. Тахана Нохчийн Республика вайн махкахь уггаре а сиха кхуьучарех цхьа регион ю. Иза тхуна боккха кхаъ а бу. Суна нохчийн къомана даггара баркалла ала луур дара. Иштта, кхане кхин а ирсе хуьлийла а луур дара», – элира Яхогоев Сергейс.
Официальни дакъа дIадерзош Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь Толам баккхарна юкъа хазна йилларна Абхазин векалша Абхазин Турпалхочун, инарла-лейтенантан С.Сосналиевн цIарах йолу орден елира Нохчийн Республикина.
А.АБДУЛАЕВ
№ 71, шот, 27 июнь, 2015 шо