Вайн накхаршлелорхоша толамаш баьхна йерригроссин конкурсехь

Кузбассехь дӀайирзина «Россин тоьлла моз» цӀе йолу йерригроссин конкурс.

Цигахь цхьамогӀа толамаш баьхна Нохчийчуьрчу накхаршлелорхоша: 1-ра — 2 меттиг, 2-гӀа — 3 меттиг, 3-гӀа — 1 меттиг.

Цул сов, совгӀаталлин (4-гӀа) 2 меттиг а йаьккхина республикин векалша.

Базаев Леча а, Саидов Мохьмад а, Межидов Джамбулат а, Шавлаев Руслан а, Улашев Ӏайнди а, Бачаков Хизар а, кхиберш а бу оцу конкурсехь тоьлларш.

Вайн махкарчу накхаршлелорхойн йукъараллин векалша бина оцу хьокъехь хаам.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: