Соьлжа-ГIалахь схьабиллина бIаьхаллин сийлаллин хIоллам

Снимок

Соьлжа-ГIалахь даздаран хьолехь схьабиллира Нохчийн Республикин пачхьенна «БIаьхаллин сийлаллин гIала» цIе яларан сийнна хIоттийна хIоллам.

Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, Россин Федерацин Президентан Къилбаседа Кавказан федеральни округехь юьззина бакъонаш йолу векал Меликов Сергей, Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула волу министр Кузнецов Лев, иштта Россин Федерацин Думин депутат Делимханов Адам. Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо Даудов Мохьмад, ведомствийн, районийн куьйгалхой, Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман ветеранаш, кхиберш.

Россин Федерацин Президентан Путин Владимиран Соьлжа-ГIалина «БIаьхаллин сийлаллин гIала» цIе яларан хьокъехь долу Указ довзийтарца дIадолийра цхьаьнакхетар.

Кадыров Рамзана шен къамелехь билгалдаьккхира, Путин Владимира и сийлахь цIе Нохчийн Республикин пачхьенна яла бина сацам нохчийн халкъан а, иштта ерриге Россин а исторехь мехала хилам хилар.

– Даггара баркалла ала лаьа и сийлахь цIе Соьлжа-ГIалина яла сацам тIеэцначу Путин Владимирна. Вайна массарна хууш ду, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента Кадыров Ахьмад-Хьаьжас вайн халкъ нийсачу новкъа даьккхина ца хиллехь  Соьлжа-ГIалина и сийлахь цIе елла хирг цахилар. Къуръан, суннат, тIарикъат бара цуьнан некъ, – бохура республикин Куьйгалхочо.

Иштта Р.Кадыровс дийцира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан доьналла бахьанехь нохчийн халкъо зуламна тIехь толам баьккхина хиларх а.

«Масех бIешарахь нохчаша сатийсина хилла маршо Кадыров Ахьмад-Хьаьжина юххе а х1оьттина, цо гайтинчу новкъахь яьккхира вайн халкъо, «террористаш» аьлла вайн халкъана кхоьллина  харц цIе а дIаяьккхира»,  – элира Р.Кадыровс.

Соьлжа-ГIалара бахархой фашисташна дуьхьал майраллица, доьналлица тIом бинчех хилар билгалдаьккхира шен къамелехь Меликов Сергейс.

– Массарна а хууш ду, Кавказана тIелетта хилла мостагIий Нохчийчуьра юхатоьхна хилар а, гитлеровцаша бомбанаш йиттина йохийна хилла Соьлжа-ГIалара мехкадаьттанах гIуллакхдаран заводаш йоццачу хенахь метта а хIиттийна, тIеман хьашташна оьшу ягориг соьлжагIалахоша латтийна хилар а, – бохура цо.

Цул сов, С.Меликовс баркалла элира регион кхиорехь къахьоьгучу Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а, цуьнан накъостий хилла лаьттачарна а.

Соьлжа-ГIалина Сийлаллин бIаьхаллин гIала цIе яларца Нохчийн Республикера бахархой декъалбира Л.Кузнецовс а.

Циггахь Кадыров Рамзана Кадыровн цIарах орден елира «Россин тIеман-историн юкъаралла» организацин Нохчийн региональни отделенин куьйгалхочунна Алаудинов Iабдуллина, иштта совгIаташ дира оцу отделенин белхахошна а, Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман ветеранашна а.

Цхьаьнакхетар дерзош хIолламна хьалха зезагаш дехкира, ткъа маьркIажан бода къовлабеллачул тIаьхьа шатлакхаш а кхийсира.

Р.МУСИПОВ

Авторан сурт

№ 71, шот, 27 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: