«Кхерамза некъаш» онлайн-олимпиадехь дакъалаьцна 33 эзар сов дешархочо

Дешаран Учи.ру платформехь дӀахьочу Йерригроссин «Кхерамза некъаш» онлайн-олимпиадехь дакъалаьцна вайн республикерчу 33 эзар сов дешархочо.

Оцу хьокъехь хаам бинчу Нохчийчоьнан автомобилийн некъийн министерствос билгалдоккху уьш 1-9-чуй классашкара дешархой хилар.

«Кхерамза а, дика а некъаш» къоман проектан гӀоьнца дӀахьош йу и онлайн-олимпиада.

Иза вовшахтоьхна Россин транспортан а, чоьхьарчу гӀуллакхийн а, серлонан а министерствоша а, «Къоман приоритеташ» йукъаралло а.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: