Сербин президентаца цхьаьнакхетта Даудов Турко

Ӏаьрбийн а, бусалбанийн а мехкашкахь волу Нохчийн Республикин Куьйгалхочун векал Даудов Турко цхьаьнакхетта Сербин президентаца Вучич Александраца.

Кадыров Рамзанан тӀедилларца дӀадаьхьна ду и цхьаьнакхетар.

Нохчийчоьнан Куьйгалхочун цӀарах Сербин президенте а, сербашка а маршалла дӀадаларца долийра шен къамел Даудов Туркос.

Таханлерчу хьолах лаьцна дуьйцуш, цо билгалдаьккхира Сербис а, цуьнан халкъо а, Европа Ӏаткъам беш йоллушехь, Россин дӀадолорш къобалдар а, иза, чӀогӀа маьӀне а хеташ, Кадыров Рамзана лоруш хилар а.

И къамел тайначу Вучич Александра доккха баркалла элира Кадыров Рамзанна, Россин а, Сербин а йукъаметтигаш талхо ницкъ кхочур болуш хӀумма а цахиларна тӀе тидам а бохуьйтуш.

Ткъа Даудов Туркос, сербахойн чӀагӀалла ламанхойн амалца йогӀуш хилар а хоуьйтуш, цхьаьнакхетаран чаккхенехь верта а, чола куй а белира Вучич Александрана.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: