КӀирандийнахь, 6 стаг а кхелхаш, иттаннаш а лазош, Истамбулехь хиллачу эккхийтаран хьокъехь дӀахьедар дина Кадыров Рамзана.
«Хонкарахь теракт йарца кадам бо ас. Терроризм йу иза. ХӀинца цо дерриге а дуьне дӀалаьцна хилар ала мегар ду. Иштта, террористашна Ӏуналла деш цхьайолу пачхьалкхаш а йу. Ма-йарра йолу шайн йаххьаш йовзийтина цара Россина а«, — дийцина Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.