
Кадыров Рамзан 
Дудаев Ахьмад
Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана цхьаьнакхетар дӀадаьхьна Къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министраца Дудаев Ахьмадца.
Цигахь дийцаре дина министерствера хьал, пачхьалкхан хаамийн гӀирсийн Ӏалашонаш, Украинехь тӀеман леррина операци дӀайахьар, и.д.кх.а.
Шен къамелехь Дудаев Ахьмада хаийтина шуьйрачу хаамийн гӀирсаш, йа финансашца а, йа техникица а халонаш а йоцуш, шайн балхаца ларош хилар.
Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондо деш долу гӀо-накъосталла а ца дитина министра тидамза.
Делахь а, таханлера коьрта болх Россис дӀахьочу тӀеман лерринчу операцица боьзна бу журналистийн а.
Операцин Ӏалашонаш а, иза дӀайахьаран бахьанаш а довзийтаран болх, Дудаев Ахьмада ма-хаийттара, Нохчийчохь бина ца Ӏаш, фронтан зилашкахь а дӀахьош бу шуьйрачу хаамийн гӀирсийн векалша.
Оцу балхана йукъаозийна болу журналисташ билгалбахар тӀедиллира Кадыров Рамзана.