Цхьа-ши дош…

Иракан къилбаседа-малхбалехь теракт йина. Оцу бохамехь 14 стаг кхелхина, лаххара а 20 стагана чевнаш хилла.

                                         ***

Шемарчу Кобани а, цхьамогIа  кхечу гIаланашкахь а, ярташкахь а луьра тIемаш хилира Iедалан эскаршна а, «иблисан пачхьалкхан» гIеранашна а юкъахь. Шина а агIор  иттаннаш байъинарш а, чевнаш хилларш а бу.

                                         ***

Пакистанехь тIех йовха ю. Масала, Карачи гIалахь йовхо 48 градус хьалаяьллера. И бахьанехь  махкахь цхьа эзар гергга  стаг  кхелхина. Кхин оццул нах  больницашкахь а бу.

                                         ***

Африкан пачхьалкхашкара хIара шо доладелчахьана Европин мехкашка  схьакхелхина  ворхI эзар гергга мигрант. Царах доккхах долу дакъа Италехь  сецна.

                                         ***

ТIаьхьарчу деношкахь Францехь  дIайоьлхуш  митингаш ю. Масех де хьалха урамашка арабевлларш морякаш хиллехь, тахана Парижан а, Тулузан а, кхечу  шахьарийн а урамашкахь митингаш  еш  таксисташ бу.

                                         ***

Эрмалойчохь а кIирнах гергга лаьттира  электроэнергин тарифаш лакхаяхарна резабоцучара  йина митинг. Хетарехь, Iедална дIахезна халкъан «аз».

                                         ***

Евросоюзо юха а тIечIагIдина Донецкерчу а, Луганскерчу а цхьайолчу районашна шатайпа статус  яла езаш хилар.

                                         ***

Украинин Президента П.Порошенкос куьг яздина кхечу пачхьалкхийн эскаршна Украине  чудахка бакъо луш  долчу указна.

                                         ***

НАТО-с шен ницкъаш Европехь алсамбахаре  хьаьжжина, царна дуьхьал дан хьакъ доллу гIуллакхаш дийр ду Россехь. Иштта дIахьедар дина мехкан оборонан министерствехь.

                                         ***

Россин Президента В.Путина куьг яздина  Евросоюзан а, Малхбузенан а пачхьалкхашна дуьхьал санкцеш яран хьокъехь долчу Указна. Евросоюзо  санна  цхьана  шарна  йина и санкцеш.

                                         ***

Омск областехь  тIекIал шиъ некъан-транспортан бохам хилла. Оцу бохамашкахь  23  стаг кхелхина.  11 стаг чIогIа лазийна.

                                         ***

ГIалгIайчохь леррина операци дIахьош гучу а ваьлла  хIаллаквина дуьненаюкъарчу терроризман ши декъашхо. Цхьаьннан гIодаюккъе бихкина  эккхаш болу гIирс хилла. Амма иза эккхийта  ца ларийна зуламхо.

№ 71, шот, 27 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: