Нохчийн Республикин керла Прокурор вовзийтина Кадыров Рамзанна

Нохчийн Республикин керла Прокурор Адаев Арсан вовзийтина Кадыров Рамзанна.

Леррина оцу балхана Соьлжа-ГӀала веана Россин Коьртачу прокуроран заместитель Пономарев Юрий.

2003-чу шарахь дуьйна Прокуратурин органашкахь къахьоьгуш волу Адаев Арсан доккха зеделларг долуш хилар билгал а доккхуш, шех тешийначу даржаца иза ларор волуш хиларца йоьзна шен дегайовхо хилар хаийтира Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.

Иштта, хӀинццалц республикин Прокурор лаьттинчу Абдул-Кадыров Шарпуддис бинчу белхан лаккхара мах а хадийра цо.

Пономарев Юрийс хаийтира цунах керла дарж тешор долуш хилар.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: