
Бахархойн кхерамзалла ларйаран а, тӀеман леррина операци дӀайахьаран а гӀуллакхашна лерина а йолуш, нуьцкъаллийн ведомствийн векалшца кхеташо дӀайаьхьна Кадыров Рамзана.
Цигахь билгалделира оцу операцин гурашкахь дакъалаьцнарг 20 эзар сов нохчийн бӀаьхо хилар, шайх 9 эзар сов бӀаьхо хӀинца а фронтан зилашкахь а волуш.
Оццу могӀарера бара Нохчийчоьнан Куьйгалхочо буьйранчашка а, хьаькамашка а бина кхайкхам: лаам болчу бахархойх резервхойн тобанаш кхоллар.
Иштта, Кадыров Рамзана дийцарехь, Росси гӀелйарца а, иза шен карайерзорца а боьзначу лаамах тахана а хьалхайаьлла йац Малхбузе.
«НАТО-н блок а оцу Ӏалашонца кхоьллина йу, Россин Федерацина дуьхьал йолу хӀинцалера пропаганда изза Ӏалашо йолуш дӀахьо. Вайн динца а, ламасташца а, культурица а догӀуш доцу, доьзалан институт йохош долу «керланаш» даржо а гӀерта уьш тахана«, — дийцина республикин Куьйгалхочо.
ТӀеман лерринчу операцехь дакъалоцуш болчу нохчийн бӀаьхоша, шайгара майралла а, доьналла а гойтуш, шайтӀаналлица а, фашизмаца а, малхбузехьарчу «мехаллашца» а ондда къийсам латтош хиларх ша воккхавевар а хаийтина цо.