
Нохчийн меттан терминологин комиссин болх кеста дӀаболор бу. Иза билгалдаьлла Кадыров Рамзана Правительствехь дӀайаьхьначу кхеташонехь.
Цуьнца а догӀуш, комиссин декъашхой къасторан болх дӀаболийна Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин векалша.
Терминологин комиссин коьртехь, республикин Куьйгалхочо ма-хаийттара, лакхахь хьахийначу Администрацин куьйгалхо Таймасханов ГӀалас хир ву.