Ш.Саралиевна а, А.Догаевна а Россин пачхьалкхан совгӀаташ дина

Нохчийн Республикин цӀарах Россин Пачхьалкхан думехь волу 2 депутат Россин пачхьалкхан совгӀаташца билгалваьккхина.

Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь хаам бина Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Вуьйцург Саралиев Шамсаил а, Догаев Ахьмад а ву.

Россин Федерацин Президентан Указца а догӀуш, Невский Александран орденца совгӀат Саралиев Шамсаилна дина.

Цул сов, Майраллин орденца Догаев Ахьмад а къастийна.

Оцу хиламца ший а депутат декъалвина ца Ӏаш, халкъан а, Даймехкан а дуьхьа и шиъ къахьоьгуш волу дуккха а шераш хиларна тӀе тидам бахийтина Кадыров Рамзана.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: