
ТӀехьа-Марта йуьртах гӀала йар ду Ӏалашонехь. Оцу хьокъехь хаам бина Кадыров Рамзана.
Шеца цхьаьна Премьер-министр Хучиев Муслим а, ТӀехьа-Мартан кӀоштан префект Хучиев Тамерлан а волуш, ТӀехьа-МартантӀехь хилла Нохчийчоьнан Куьйгалхо.
Тойийр йолчу а, гӀишлошйарна пайдаоьцур болчу а майданашка хьаьжна иза цигахь.
«Коммуникацеш хуьйцур йу, петарийн цӀенош а, лазартнеш а, берийн бошмаш а, ишколаш а, садаӀаран майданаш а йийр йу«, — хаийтина Кадыров Рамзана.
Белхаш тӀедогӀучу шеран йуккъехь дуьйна дӀаболор бу, ткъа ТӀехьа-Марта тойаран декъерчу кадечу штабана куьйгалла Хучиев Муслима дийр ду.
«… Ӏалашо — бегӀийла а, хаза а йолчу гӀаланех ТӀехьа-Марта а йар. Оцу декъехь вайн доккха зеделларг хиларна даккхийдедо«, — билгалдаьккхина республикин Куьйгалхочо.