Кхерамзаллин кхеташонан секретаран дарже Т-Ӏ.Ибрагимов хӀоттийна

Ибрагимов Турпал-Ӏелас къахьоьгур ду Нохчийчоьнан Кхерамзаллин кхеташонан секретаран даржехь.

Цига иза хӀоттош хиларан хьокъехь хаам бина Кадыров Рамзана.

Доккха зеделларг а долуш, НР-н хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин некъа тӀехь къахьоьгуш иза волу дуккха а шераш хилар билгалдаьккхира республикин Куьйгалхочо.

Дагадоуьйту Ибрагимов Турпал-Ӏела тӀаьххьалц Бахамца а, лаьттаца йолчу йукъаметтигийн а министерствон куьйгаллехь лаьттина хилар.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: