Кхелхинчу бакъонашларйархойн доьзалшна белхан меттигаш нисйо

Шайн белхан декхарш кхочушдарехь кхелхинчу нохчийн бакъонашларйархойн доьзалхойн хьашташ кхочушдарна тӀехь латтош йоккха терго йу республикин куьйгалло.

Оцу маьӀнечу гӀуллакхан могӀарера ду царна белхан меттигаш нисйар а.

Мангалан (июль) беттан 1-чу денца а догӀуш, белхан меттигаш нисйина кхелхинчу бакъонашларйархойн 428 доьзалхочунна.

Цул сов, церан кхин а 508 доьзалхо деша а хьажийна.

Кадыров Рамзана дӀайаьхьначу кхеташонехь оцу хьокъехь хаам бина НР-н Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочо Таймасханов ГӀаласа.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: