
Россин чоьхьарчу гӀуллакхийн министерствос дӀахьочу Йерригроссин «Халкъан куьпахо» XII-чу конкурсехь толам баьккхинарг Нохчийчуьрчу полицин белхахо Эльбуздукаев Изновр ву.
Россин чоьхьарчу гӀуллакхийн министерствон Соьлжа-ГӀалахь йолчу Урхаллин полицин 3-чу декъехь лакхарчу куьпахочун даржехь къахьоьгуш ву иза.
282 эзар сов стага кхаж а тосуш, толам баьккхинчу Эльбуздукаев Изноврана «УАЗ Патриот» машен а, конкурсан толамхочун билгало а йелла.
Цул сов, балха тӀехь леррина цӀе а йелла цунна — полицин подполковник.
НР-н чоьхьарчу гӀуллакхийн министран декхарш ханна кхочушдечу Ирасханов Аслана декъалвина куьпахо.