ТӀеман операцехь кхелхинчеран доьзалшна меттахӀоттор ду ЖКУ-х луш долу ахча

Россис дӀахьочу тӀеман лерринчу операцехь кхелхинчу нохчийн бӀаьхойн доьзалшна меттахӀоттор ду хӀусамийн-коммунальни хьаштех пайдаэцарна цара луш долу ахча.

И гӀуллакх кхочушдар тӀе а дуьллуш, иштта дӀахьедар дина Кадыров Рамзана.

«Нацизмана а, фашизмана а дуьхьалойаран сийлахьчу тӀамехь, шайн догӀмаш а ца кхоош, синош дӀаделла цара. Динаш а, Ӏадаташ а, ламасташ а лоруш, доьзалан мехаллаш ларйечу вайн мехкан кханенан дуьхьа кхелхина бу уьш«, — дийцина Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.

Билгалдоккху лакхахь буьйцучу доьзалшна ЖКУ-х луш долу ахча 100%-н барамехь меттахӀоттор долуш хилар.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: