
Россис дӀахьочу тӀеман лерринчу операцехь жигара дакъалоцуш йолчу «Север-Ахмат» полкан хьашташна машенаш эцна Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондо.
Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь хаам бина Кадыров Рамзана.
Нохчийчоьнан Куьйгалхочо дийцарехь, эцнарг «УАЗ-Пикап» олуш йолу 15 машен йу.
Россин оборонин министерствон Ӏуналлехь къахьоьгучу нохчийн бӀаьхошна керла техника пайде хирг хиларх шен дегайовхо хилар а хаийтина цо.