«Ахмат-1» ОМОН кхолларан болх дӀабирзина махкахь

Къоман гвардин Нохчийн Республикехула йолчу Урхаллин долахь бӀаьхойн керла дакъа кхолларан болх дӀабирзина вайн махкахь.

Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь хаам бина Кадыров Рамзана.

Нохчийчоьнан Куьйгалхочо дийцарехь, «Ахмат-1» ОМОН цӀе а йолуш бӀаьхаллин дакъа ду иза.

Уьш дӀахӀитторехь а, церан барзакъашка а, гергашка а хьажар дӀадаьхьна Къоман гвардин НР-ла йолчу Урхаллин хьаькама Делимханов Шарипа.

Вайн махкахь и дакъа вовшахтохаро 2 эзар сов белхан меттиг кхоьллина.

Ткъа цуьнан буьйранчин хьокъехь аьлча, иза тӀеман эпсар Шавхалов Ӏалихан ву.

Кадыров Рамзана хаийтина «Ахмат-1» ОМОН-н бӀаьхой майра а, доьналла а, доккха зеделларг а долуш хилар а, иштта, Украинехь дӀахьочу тӀеман лерринчу операцехь дакъалаца кийча хилар а.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: