Нохчийн бӀаьхошна сурсаташца гӀо дина Кадыровн фондо

Россис дӀахьочу тӀеман лерринчу операцехь дакъалоцуш болчу нохчийн бӀаьхошна барзакъца а, техникица а, кхачанца а мел оьшург латтош ду.

Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь хаам бинчу Кадыров Рамзана билгалдаьккхина мецачу салтих вуон бӀаьхо хилар.

Ткъа гӀо-накъосталлин хьокъехь аьлча, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондо рогӀера гӀо-орца кхачийна Энергодарехь (Запорожье) къахьоьгучу вайн бӀаьхошна.

Кхачанан сурсатех лаьтташ ду иза, шен могӀарехь картол а, хох а, стоьмаш а, шекар а, дакъийна жижиг а, хиш а, мерза хиш а долуш.

ГӀо-орца кхаьчначу бӀаьхоша а, Нохчийчоьнан Куьйгалхочо а баркалла аьлла Кадыровн фондан президентана Несин Айманина.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: