Кавказехь — студентийн бIаьсте

б1аьсте

Адыгейн Республикехь дуьненаюкъара «Кавказехь студентийн бIаьсте» аьлла фестиваль хилира. Цигахь дакъалоцуш яра Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствон делегаци. Фестивалан коьрта Iалашо яра Кавказехь йолчу студентийн организацешна юкъахь зIе тасар а, вовшийн культура йовзийтар а.

И шайна фестиваль вовшахтохаран ламаст 2009-чу шарахь дуьйна  ду. Фестивалехь дакъалоцуш бара «Россин студентийн бIаьсте» XXIII-чу фестивалан толамхой а, совг1атан меттигаш яьхнарш а, цул сов Къилба федеральни  а, Къилбаседа Кавказан федеральни а округашкара, юккъерчу Азера, Севастополера, ГIирмера, Нохчийн Республикера студентийн организацийн векалш. Россин Федерацин Президента В.Путина маршаллин кехат даийтира фестивалан дакъалацархошка. «Аш еш йолчу форумо аьтто бо Россин Къилбаседа Кавказан регионийн а, кхечу пачхьалкхийн а студенташна шайн гIуллакх леладо а, гергарлонаш таса а. Со тешна ву фестивалан программа чулацаме а, пайдехь а хирг хиларх», – билгалдина ду оцу кехата тIехь. Фестивала юкъайогIура «Этно мода» конкурс а, тIеман- патриотически эшарийн «Солдатский конверт» аьлла конкурс а, историн «Улица Побед» гайтам а, иштта «Арт-холл» аьлла йоккха гала-концерт а.

Фестивалехь дакъалаьцна йолчу Музаева Iайшатана совгIат дира сценин  васт къеггина хIотторна, ткъа вайн кегийрхойн «Улица Побед» гайтам уггаре а тоьлла лерира. Иштта Нохчийн Республикера еана ерриге а делегацина Сийлаллин грамоташ а, Баркаллин кехаташ а делира.

З.ХИЗИРОВА

Авторан сурт

№ 72, шинара, 30 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: