Некъан боламан инспекторна урс тоьхна зуламхо хӀаллаквина

Некъан боламан кхерамзаллин пачхьалкхан инспекцин белхахочунна урс тоьхна хилла зуламхо хӀаллаквина Соьлжа-ГӀалин йуккъехь.

Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь хаам бина Кадыров Рамзана.

Нохчийчоьнан Куьйгалхочо хаийтарехь, ламаз эца дехьаваьллачу инспекторна стешха урс тоьхнера зуламхочо.

Цул тӀаьхьа, цуьнан герз а эцна, вада гӀерташ волу иза хӀаллаквина.

Полицин белхахоша талламан болх дӀахьош хилар а хоуьйтуш, инспекторан гергарчаьрга кадам бина Кадыров Рамзана.

«Шен белхан декхарш кхочушдарехь кхелхинчу инспекторан гергарчаьрга даггара кадам бо ас«, — йаздина цо.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: