Вайн республикин коьртачу Iалашонех цхьаъ ю къоман культура кхиор. Хууш ма-хиллара, хьалхарчу Президента Кадыров Ахьмад-Хьаьжас а (Дала гIазот къобал дойла цуьнан) аьлла: «Культура яцахь, къам а дац». И дика хууш волчу Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дешар а, культура а кхиорехь Iаламат дукха белхаш бо. Иза вайна массарна гуш а, хууш а ду, цо культурин белхахойн беш болчу аьттонашка царна кхуллучу хьелашка хьаьжча. Цундела вайн махкахь говза суьрташдахкархой а, иллиалархой а бу.
Нохчийн пачхьалкхан къоман музейхь тайп-тайпанчу суьртийн гайтам хилира кху деношкахь. И гайтам кечбинера оцу музейн белхахоша Джабраилов Темерланий, Байдаева Луизасий. Оцу гайтаме хIиттийна дара дечига а, кехата а тIехь дехкина башха суьрташ. Стоьлаш тIе дIахIиттийна а, пенах тоьхна а дара уьш. Къаьсттина хаза дара цигахь аьнгалех дина маьждиг. И белхаш бинера оцу гIуллакхана говза болчу похIмечу наха. Вуьшта аьлча, Шелан Культурин цIийнан исбаьхьаллин керамикин студин куьйгалхочо Бакараева Зульфияс, Шеларчу №4 йолчу юкъардешаран школин ИЗО а, черченин а хьехархочо Дудаев Беслана, Сиржа-Эвларчу Дуцаев Сайхана, Соьлжа-ГIаларчу кхиазхойн технически кхоллараллин Станцин хьехархочо Макалова Хейдана, кхечара.Цигахь дакъалаца баьхкинера суьрташдахкархой а, дуккха бахархой а. Хьовсархой дукха хIора а суьрте леррина хьовсуш чекхбуьйлура.
МАТАГОВ Исхан
№ 72, шинара, 30 июнь, 2015 шо