«Терекан» рогIера цхьаьнакхетар

IvH7xIarcdI

2015–2016-чуй шерийн премьер-лигин чемпионатана кечам беш Соьлжа-ГIалара «Терек» Австрехь цхьаьнакхийтира Словакерчу Трнава гIаларчу «Спартак» командица.

Хууш ма-хиллара, Россехь хьалхеяккхаран чемпионат дIайоялаяла кхо кIира хан бен яц. Ткъа и хан тIекхачале вайн республикин коьрта команда Австрехь дIахьочу сборашкахь кечам беш  ю. Командин тергонехь волчу защитникана тIе хIинца «Терекан» кегийрхойн команди юккъера  Гудиев Виталий а, Шахтиев Халид а, Кацаев Iадлан а кхетта. Церан хIоранан а коьрта Iалашо ю командин коьртачу тренерна Рахимов Рашидна шаьш лаккхарчу тIегIанехь ловза кийча хилар гайтар. Цхьа а шеко йоцуш, майдана волучу цхьайтта футболистана юкъаваха хала хир ду царах х1оранна а. Амма хIора доттагIаллин матчашкахь шаьш хьалхарчу командехь биса хьакъ хилар-м гойту цара. Иза иштта хилар гуш дара Соьлжа-ГIаларчу «Терекан» Трнава гIаларчу «Спартакаца» хиллачу ловзаре хьаьжча а.

Сахьтан цхьамза пхоьаза гуо таса а кхиале, счет схьаелла герга бара соьлжагIалахой. Амма цхьа кIеззиг аьтто ца тоьира. Дукха хан йоццуш, Скопье гIаларчу «Вардарна» гол тохарца шен команде толам баккхийтина волу Митришев Мохьмад оцу цхьаьнакхетарехь а вара тоьллачех. Бакъду, буьрка тохарца билгалвала аьтту ца болура. Иштта тIах-аьлла ловзуш вара вайн къона вратарь Гудиев Виталий а. Цо шена ловза еллачу хенахь мел кIеззиг а кхузза юхатуьйхира чу яхана яьлла аьлла хеташ йолу буьрка. ШолгIачу таймехь кхин хийцам бацара. СоьлжагIалахоша кхераме тIелатарш дора, амма счет схьа ца еллалора. «Хьешаша» а туьйсура кхерамаш. Оцу цхьаьнакхетарехь левзина  волчу кхаа вратара (эха-эха сохьтехь левзира Городов Евгений а, Гудиев Виталий а, Годзюр Ярослав а), уьш шайн Iалашоне ца кхачабалийтира. Матч чекхйолуш шен команде толам баккхийта герга вара вайн защитник Родолфо, цо тоьхна буьрка «хьешийн» кевна тIехула елира. Иштта цхьаьнакхетар долалуш хилла счет хийца ца луш чекхделира ловзар.

Соьлжа-ГIалара «Терек» шен рогIерчу доттагIаллин матчехь цхьаьнакхетар ю Венгрерчу Сомбатхей гIаларчу «Халадашца».

А.АБДУЛАЕВ  

№ 72, шинара, 30 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: