«Мухьаммад Пайхамаран ﷺ дахар уггаре а дика девзарг» конкурс

«Мухьаммад Пайхамаран ﷺ дахар уггаре а дика девзарг» цӀе а йолуш, Республикин конкурс дӀайаьхьна Бусалбанийн динан урхаллехь.

Вовшахтохархоша билгалдаккхарехь, ишколашкарчу дешархошлахь дӀайаьхьира иза.

ХӀокху кепара ду цуьнан жамӀаш: 1) Илясов Абу-Бакаран йоӀ Дина-Сафия; 2) Яндырбаев Асланан йоӀ Фирдовс; 3) Яхъяев Билалан йоӀ Асет.

Грамоташ а, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондера ахчанан совгӀаташ а делира царна.

Жюрин декъашхой: НР-н Муфтин наиб, Бусалбанийн динан урхаллин Дешаран декъан хьаькам Мачаев ИбрахӀим, Бусалбанийн НР-н Муфтин хьехамча Яхъяев Билал, «Даруль-Хьадис» хьуьжаран хьехархо Денилханов Сулейман.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: