Кадыров Рамзана шен хьехамча хӀоттийна Насуханов Ваха

ХӀинццалц Нохчийн Республикин Конституцин суьдан куьйгаллехь лаьттинчу Насуханов Вахах керла дарж тешийна республикин Куьйгалхочо.

Кадыров Рамзана билгалдаккхарехь, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун хьехамчин даржехь къахьоьгур ду цо.

Шен керлачу даржехь Насуханов Вахас нуьцкъаллин блокаца болх бийр бу.

Вуьшта, цунах лаьцна дуьйцуш, Кадыров Рамзана дийцина иза Кадыров Ахьмад-Хьаьжин белхан накъост а, доттагӀ а хилла хилар.

Иттаннаш шерашкахь Кадыровн командехь болх барна цунна баркалла а олуш, «Нохчийн Республика кхоьллина 100 шо кхачар» мидалца Селиман Вахина совгӀат дина Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.

Цул сов, Конституцин суьдехь къахьегна Сакказов Асламбек а, Таймасханов Эдмон а билгалваьккхина оццу мидалца.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: