
Инвестицийн чоьтах керла комплекс йина Новр-ГӀаларчу автостанцина.
20 млн ₽ сов харж а йеш йинчу оцу комплексехь белхан 10 меттиг кхоьллина.
Иза схьайелларехь дакъалоцуш хиллачу Транспортан а, зӀенан а министра Черхигов Рамзана билгалдаьккхина автостанци 3 маршрутана лерина хилар: 1) Новр-ГӀала — Соьлжа-ГӀала; 2) Новр-ГӀала — ЧӀуьлга-Йурт; 3) Новр-ГӀала — Гуьмсе.
Дийнахь 400 — 500 пассажир дӀасавигийта аьтто болуш йу керла автостанци.