Школа – шолгIа цIа

Skola_malchiki_devochki_knigu_smotryt

ВорхI шо кхаьчча бер хьалхарчу классе деша дохуьйту дас-нанас. Школехь Iема берана деша а, яздан а. Дуьххьарлера доттагIий а карабо школехь. Цхьана классехь доьшуш долу бераш йижарий а, вежарий а санна хуьлу. Школехь самукъане а хуьлу. Школа – шолгIа цIа ду, хьехархо – шолгIа нана ю.

Старопромысловски районан №44 йолу школа болх бан йолаелла 1974-чу шеран 1-чу сентябрехь. Таханлерчу дийнахь кхузахь директор Керимова Роза ю. Кху школехь болх беш 95 белхахо ву. Царна юкъахь ю Дудаева Татьяна, Сулиманова Асет, Муслимова Мадина, и.дI.кх. Школехь доьшуш 1674 дешархо ву. Кху шарахь 11 класс чекхъяьккхина, арахецна 95 дешархо. ХIара школа кху районехь уггаре а йоккханиг ю. Школера дешархоша а, хьехархоша а дакъалоцу тайп-тайпанчу конкурсашкахь. «Социальни проект ЧИГПРО» конкурсехь кхоалгIа меттиг яьккхина 3-чу классерчу дешархочо Попова Викторияс. «Золотое руно» конкурсехь хьалхара меттиг яьккхина 5-чу классерчу дешархочо Газиев Денис, уггаре а дика урок кечъярехь «IT –мастеров» конкурсехь хьалхара меттиг яьккхина юьхьанцарчу классийн хьехархочо Бадгутдинова Екатеринас. Карарчу хенахь дешаран керлачу шарна кечам беш бу школин белхахой. Керлачу шарахь кхуза деша схьаоьцур ду 175 бер. Хьалхара цхьа класс электронни книгашца хир ю.

НУНАЕВА Iалет 

№ 72, шинара, 30 июнь,

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: