
ХӀокху беттан 25-27-чуй деношкахь Соьлжа-ГӀалахь дӀахьур йу мини-футболан «Кавказан кубок» турнир.
Иза регионашна йукъара хиларе терра, Нохчийчуьра а, ГӀалгӀайчуьра а, Луганскан а, Донецкан а халкъийн республикашкара а, ГӀирмера а, ГӀалмакхойчуьра а, Ставрополан а, Краснодаран а мехкашкара а, ГӀебартойн-Балкхаройчуьра а тобанаш йу цуьнан гурашкахь дакъалаца кхайкхина.
Иза, Кегийрхойн гӀуллакхийн федеральни агентствос гӀо а деш, вовшахтоьхна НР-н физически культурин а, спортан а, кегийрхойн политикин а министерствос а, НР-н мини-футболан лигас а.
Къоман «Демографи» проектаца кхочушйечу «Спорт — дахаран къепе» проектан гурашкахь дӀахьош йу иза.