
Луларчу республикашкара 150 дакъалацархо (къона доьзалш) а волуш, Нохчийн пачхьалкхан университетехь дӀайаьхьна къоначу доьзалийн «СуперМама» форум.
5 дийнахь лаьттинчу цуьнан гурашкахь тренингаш а, мастер-классаш а, «горга стоьлаш» а дӀайаьхьна.
Уьш дӀайаьхьнарш коучи-говзанчаш а, психологаш а, лоьраш а бара.
Ӏаморан майданаш хилла ца Ӏийра форуман гурашкахь: йара культурин а, берийн самукъадаккхаран а майданаш а.
Чаккхенехь дакъалацархошна сертификаташ делира.
«СуперМама» проект кхочушйан А-Хь.Кадыровн цӀарахчу Нохчийн пачхьалкхан университето грант йаьккхина хилар билгалдоккху.