
Россин салтий украинхойн йийсарера кӀелхьарбахаран декъехь къахьоьгуш ву Нохчийчоьнан цӀарах Россин Пачхьалкхан думин депутат волу Саралиев Шамсаил.
И болх цо дӀахьош бу Нохчийчоьнан Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тӀедилларца.
Ша Саралиев Шамсаила дийцарехь, беккъа лахьанан (ноябрь) баттахь йийсарера кӀелхьарваьккхина Россин 201 салти.
Цул сов, эсаран (октябрь) чаккхенехь кхин 55 салти а вара.
«КхидӀа а бийр болуш бу вай и болх. Вайн бӀаьхой цӀаберзо безаш бу, оцу балхаца сихо йар дикох а долуш. ХӀора а кӀелхьарваьккхинарг — шайн кӀенташна са а гатдеш, уьш могаш-маьрша цӀаберзаре сатуьйсучу нехан хазахетар ду«, — дийцина Россин Пачхьалкхан думин депутата.
Иштта, йийсарера кӀелхьарбаьхначаьрца беш болу болх а бовзийтина цо: могашалла а, кхетам а меттахӀотторан гурашкахь Москварчу а, Москван областерчу а лазартнешка уьш хьовсор.