Вайн суьрташдахкархойн гайтам дӀахьур бу Краснодарехь

ТӀебогӀучу беттан 28-чохь дуьйна шен болх дӀаболор бу Краснодарехь дӀабахьа леринчу нохчийн суьрташдахкархойн гайтамо.

Цигахь дакъалоцур ду 24 автора, хьовсархойн а, хьешийн а кхиэле 70 сов шайн болх а хӀоттош.

Россерчу халкъийн культурин тӀаьхьалуонийн шеран гурашкахь дӀахьош болх бу иза.

Вовшахтохархоша билгалдаккхарехь, гайтам дӀахьур бу Гайтамаллин искусствона леринчу Краснодаран мехкан гайтаман залехь.

«Чеченская палитра» цӀе йолу и гайтам 2023-чу шеран кхолламан (январь) беттан 10-гӀа де кхаччалц лаьттар бу.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: