ТӀеман операци дӀайахьарехь дезаш долу жамӀ довзийтина

Россис Украинехь дӀахьочу тӀеман лерринчу операцин хьокъехь дуьйцуш, Кадыров Рамзана довзийтина вайна оьшуш долу цуьнан жамӀ — шайтӀаналла хӀаллакйар.

«…ШайтӀанаш, бандерхой, нацисташ. ЦӀераш дуккха а йу церан, ткъа маьӀна — цхьаъ«, — билгалдаьккхина Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.

Царах болуш болу «пайда» а бовзийтина цо.

«Церан башхалла — адамалла цахилар, боьхалла йаржор. Цундела олу вай царах шайтӀанаш. Уьш атар йу вайн Ӏалашо а, декхар а!«, — тӀетоьхна республикин Куьйгалхочо.

Шеца цхьаьна 1-ра вице-премьер Тумхаджиев Ӏийса а, вице-премьер Висмурадов Абузайд а, Парламентан спикер Даудов Мохьмад а волуш, ТӀеман леррина операци дӀайахьаран кадечу штабан кхеташо дӀайаьхьна Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.

Цигахь дийцаре дина нохчийн бӀаьхойн дакъоша операцин гурашкахь дакъалацар а, царна герзаца а, сурсаташца а кхачойар а, и.д.кх.а гӀуллакхаш.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: