
ХӀокху беттан 25-27-чуй деношкахь Соьлжа-ГӀалахь дӀайаьхьира мини-футболан «Кавказан кубок» турнир.
Иза регионашна йукъара хиларе терра, Нохчийчуьра а, ГӀалгӀайчуьра а, Луганскан а, Донецкан а халкъийн республикашкара а, ГӀирмера а, ГӀалмакхойчуьра а, Ставрополан а, Краснодаран а мехкашкара а, ГӀебартойн-Балкхаройчуьра а тобанаш йара дакъалаца кхайкхина.
Кегийрхойн гӀуллакхийн федеральни агентствос гӀо а деш, НР-н физически культурин а, спортан а, кегийрхойн политикин а министерствос а, НР-н мини-футболан лигас а вовшах а тоьхнера, къоман «Демографи» проектаца кхочушйечу «Спорт — дахаран къепе» проектан гурашкахь дӀа а йаьхьира иза.
ЖамӀаш иштта ду: 1) «Спартак-Донецк» ФК (Донецкан Халкъан Республика), 2) «Валерик» ФК (Нохчийн Республика), 3) «ККБ» ФК (Краснодаран мохк).