ХӀусамийн дозанашка кхаччалц маьхза газ йигар…

2021-2022-чуй шерашкахь бахархойн хӀусамийн дозанашка кхаччалц маьхза газ йигаран болх чекхбаьккхина вайн махкахь.

«Газпром межрегионгаз Грозный» компанис бина оцу хьокъехь хаам.

Цуьнца а догӀуш билгалдаьлла 2021-чохь, газ дозанашка кхаччалц маьхза тӀейигаран Ӏалашо 1 107 хӀусам йоллушехь, белхалоша чекхйаьккхинарг 1 245 хӀусам хилар (+12%).

Иштта, лакхахь хьахийначу компанин векалша дийцарехь, хӀокху 2 шарахь газ йалоран хьокъехь 6 981 дехар дина бахархоша, царах 852 дехар, лехамашца догӀуш цахиларна, дӀа а теттина.

ТӀеэцна дехар 6 129 ду, шайх 5 086 дехар чекхдаьккхина а, 889 дехарна тӀехь беш болх а болуш.

Шайн дехарш чекхдевллачу 5 086 хӀусамах 4 747 хӀусаман дозане кхаччалц газ а тӀейигна.

И программа кхочушйарехь Россехь а лидершлахь йу вайн республика.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: