
ТӀедогӀуш долу 2023-гӀа шо Нохчийн меттан шо дӀакхайкхоран хьокъехьчу Указна куьг йаздина Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.
№245 йолчу Указна куьг тахана йаздина ду — лахьанан (ноябрь) беттан 28-чохь.
Цу тӀехь билгалдаьхна Нохчийн меттан шо дӀакхайкхоран бахьанаш: Нохчийн мотт а, нохчийн халкъан культура а, ламасташ а Ӏалашдаран, кхиоран, даржоран Ӏалашонаш.
Оцу шеран гурашкахь дан леринчу гӀуллакхийн гулар вовшаштоха 1 бутт хан йелла Вовшахтохараллин комитетана.