Нохчийн пачхьалкхан университетан студенташ-волонтераш, «Берашна хазахетар» цIе йолчу акцин дакъалацархой хилира Шеларчу могашалла ледара йолчу берийн реабилитационни туьшахь. Берашна лерина оьрсийн халкъан туьйранаш тIехь хIоттийна масех спектакль гайтира волонтераша. Кегийчу хьовсархойн таро хилира вониг емалдеш, диканиг хестош долчу туьйранаш тIехь хIоттийначу спектаклашка хьовса а, шаьш царна юкъахь дакъалаца а. Схьахетарехь, берийн ойланашкахь еххачу хенахь дехар ду уьш. Нохчийн пачхьалкхан университетан волонтерски корпусан куьйгалхочо Медов Османа дийцира: – Шелара хIара туш схьайиллина дукха хан яцахь а, тхо кхуза шолгIа даьхкина. Тахана оха бинчу балхехула, тхайн деган йовхо елира оха заьIапчу а, могашалла ледара йолчу а берашна. Берашна хазахетар дарна, тхуна баркаллаш бехира туьшан куьйгалхоша. Иза ца хилча а, тхуна хаьа, берашна везарг Далла а веза. Тхан доттагIалла тасаделла кхузарчу берашца. Царна хазахетар дан даима а кийча ду тхо.
Т.АЛИЕВА
№ 72, шинара, 30 июнь, 2015 шо