
Россин оборонин министерствона йукъадогӀучу нохчийн бӀаьхойн дакъошна инфраструктурица кхачойаран гӀуллакхаш дийцаре дина Москвахь.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочун тӀедилларца а догӀуш, и гӀуллакх айъина цигахь лелларг Нохчийн Республикин Парламентан спикер Даудов Мохьмад ву.
Цуьнан цхьамогӀа цхьаьнакхетарш хилла Россин Федерацин оборонин министран заместительшца: Мизинцев Михаилца; Панков Николайца; Евкуров Юнус-Бекца; Иванов Тимурца.