
Бахархоша нехаш дӀакхийсаран 6 майда цӀанйийр йу тӀедогӀучу 2023-чу шарахь: 1 — Курчалойхь; 1 — Гуьмсехь; 4 — Соьлжа-ГӀалахь.
Къоман «Экологи» проектаца кхочушйечу «ЦӀена мохк» проектан гурашкахь дӀахьур бу и белхаш.
Оцу хьокъехь хаам бинчу Нохчийн Республикин Ӏаламан тӀаьхьалуонийн а, гуонахара хьал лардаран а министра Темирханов Сайд-Мохьмада дийцина карарчу шарахь бечу белхан хьокъехь а.
«Бекарг (март) баттахь дуьйна къахьоьгу нехаш дӀакхийсаран 5 майданахь: 3 Соьлжа-ГӀалахь йу царах, 1 — Гуьмсехь, 1 — Курчалойхь. Лахьанан (ноябрь) баттахь кхин 3 майданахь а дӀаболийна иштта белхаш«, — билгалдаьккхина цо.