(этюд)
Сирник – дечган ч1ешалг ю иза. Йогуш ю сан карара сирник… Жима чIешалг бен яц и.
Амма вай ша латийча, даггара йогий, шен дахар дагадой дIайов и, седанах тарлой.
Гуш лаьтташехь, дIадай-кх, цхьаьннан а тидам ца хилла долу цуьнан тийна, жима дахар. Iаржъелла, ситтина чекхъели и.
Яц и, кхин яц!
Йовхо йиси. Йовхо – совгIат цо вайна делла долу, гуттаренна вайца диси.
Бен-башха ца хетачу шийлачу лоно, ши куьг сендой, балхара чудоьрзу вай.
Хаза ду цIахь. Йовха ю. Стоьла тIехь бепиг-туьха ду. Шегахь дерриге а дуьне марца ницкъ боллушехь, сирник дог дика адам санна, хьожу вайн гIуллакхе.
Цуьнан цIе вайн цIенош, дегнаш дохдеш йогу. Сирник, лолахь дегнашна серло, адамашна йовхо! Хуьлу хьуна лаьтта тIехь ахь беччул нахана пайда ца бен адамаш а. Царал а тоьла хьуна хьан дахар.
Сирник… Сел доцачу хьайн дахарехь тхуна дика дан ларийра-кх хьо. Ткъа оха, адамаша, дерриге а доладо, амма дерза, наггахь бен ца до.
Йогу сирник… Дечган чIешалг бен яц иза…
ЭЛЬДЕРХАНОВА Зайнап
№ 72, шинара, 30 июнь, 2015 шо