
Йерригроссин «Трудовая доблесть России» йукъаралло сийлаллин билгалонца къастийна Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан.
Оцу хьокъехь хаам бинчу Къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министра Дудаев Ахьмада дийцина Кадыров Рамзанна йелларг «Доблесть вдохновенного труда» билгало хилар.
Цул сов, Несин Аймани а, Вайханов Байбетар а билгалваьккхина оцу йукъаралло:
► «Трудовая доблесть. Россия» билгало йелла Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондан президентана Несин Айманина;
► «Трудовая доблесть. Россия» билгало йелла Россин спецназан университетан куьйгалхочунна Вайханов Байбетарна.
Лакхахь хьахийначу йукъараллин куьйгалхочо, Социализман къинхьегаман турпалхочо Левин Алексейс дӀайелла и билгалонаш.