«Даймохк, Ненан мотт»

Генарчу Иорданехь Iаш ду аьлла, тхо, нохчий, хIуъа хиларх, тхайн ненан мотт дIа ца тосуш, биц ца беш схьадогIуш ду хIокху 100 сов шарахь.

Иза Iаморехь, бийцарехь, тIекхуьучеран цуьнга безам а, и иэшар а кхиорехь къахьоьгуш ду тхо, йуха а ца довлуш, иштта кхидIа къахьега дагахь а ду.

Хан мел йолу а, нохчийн йукъараллин тидам беш, тIекхуьучу къоначу чкъурана йукъахь нохчийн мотт гIеллуш хеташ, меттан айъам беш, бийцар жигарадаккха лаам болуш, даима а цхьацца лехамашкахь ду тхо.

Масех бутт хьалха, хIокху Иорданера а, Шемара а нохчий йукъалоцуш, оха вовшахтоьхна йоккха тоба йу. Цу тобанан Iалашо йу вайн маттана гIаттам беш, вайн мотт Iалашбеш, ца хуучунна Iамош жигара къахьега. «Даймохк, Ненан мотт» аьлла, цIе а йу цуьнан.

Нохчийн маттах а, иза бийцарх а, цу маттахь йешарх а, йаздарх а лаьцна, шайна хетарг олуш, иштта йаздо Иорданерчу а, Шемарчу нохчаша.

Башир ШахIир: «Нохчий, масийтта пачхьалкхехула дIасабекъабелла хилар бахьанехь, нохчийн цхьадолу дешнаш дIа а дохуш, церан метта меттигерчу меттанийн дешнаш иэдан буьйлабелла. Ала дашна, Iаьрбийн мехкашкахь болчу нохчаша вайн маттаца Iаьрбийн дешнаш иэдо, цIерачу нохчаша оьрсийн дешнаш йукъа ма-даллора. И бахьанехь, цIера а, арахьара а нохчий вовшах ца кхеташ, йа гIалат кхеташ меттигаш нисло. Суна вайн культурица доьзна долу массо а хIума хазахета. Вайн иллеш, хелхар, ламасташ чIогIа самукъане а, доккхачу маьIне а ду. Амма вайн иллешна йуккъера цхьадолу дешнаш суна кхета хала хуьлу. Цундела, суо царах ца кхетча, сайх эхь а хета суна».

Болад Акрам: «Вайн мотт биццабаран бахьана, вай нохчалла Iалашйар ду. Нохчалла дIайалахь, маттигерчу къаьмнех иэделла дIадевр ду вай. Шайн цхьа ладаме меттиг кхоьллина Иорданерчу нохчаша меттигерчу нахана йукъахь. Иза вайн цхьа башхалла а хеташ, цара къобалдеш, сий-ларам а болуш схьабаьхкина тхан дай».

Ал-Iийса Iийса (Шемара нохчи): «Хьалхалерчу заманчохь нохчий шайн-шайн йарташкахь цхьаьна бехаш хуьлура. Цу хенахь гIеххьа нохчийн мотт хууш берш дукха бара. Шемахь хилла тIом бахьанехь, дуьне ма-дду баьржина кхузара нохчий. Церан тIаьхьенаш шаьш бол-болчу меттигера меттанаш Iамо йуьйлайелла. Ткъа вайн мотт Iамо а, лело а аьтто ца хилла церан. Иштта, жим-жима и бицбеш схьадогIуш ду таханалера Шемара нохчийн къона чкъор».

Жубрайл Адам: «Арахьарчу тхуна нохчийн мотт мехалла хIунда бу ала лаьа суна… Хийрачу мехкашкахь тхуо хийра хета тхуна, цигахь дина а, даьхна а доллушехь. Таханналц догдохуш деха тхо, цхьана дийнахь, дерриге а цIадоьрзур ду-кх тхо бохуш. Цундела, ненан мотт бицбан йиш йац олий хета. Нохчийн мотт ца хууш нохчий хилча боккха эшам а, дегаIийжам а хуьлу нохчичунна. Вайн мотт хууш велахь, дуьнен тIерачу муьлххачу нохчичуьнца къамел дан а, зIе таса а аьтто хуьлу».

Иорданерчу нохчашлахь, ненан мотт чIогIа безарна, ша-шена иза дика Iамийнарг а хуьлу. Царах цхьаъ Басел Жамирза ву.

Басела иштта йазйо нохчийн маттах йолу шен дог-ойла: «Сан мотт – сан малх! Пхийттара валале мерза мотт Iамор бу, доха а ца духуш човкарчий човхор йу, кханалерчу Iуьйренца вон а, дика а къастор ду. Дакъаза ма бала хьо, къена а, къона а, кар-кара дӏакхийдош бисина болу тхуна, хьо нохчийн мотт!».

ХIун оьшу-те нохчийн мотт денбан а, Iамош, дIа ца балийта а аьлла, хаттар хIоьттинера тхуна хьалха. И бахьана долуш кхоллайелла дог-ойла йу тхо ир-карахIиттинарг. Арахьарчу нохчаша шайн бераш аьхка, меттигера Iамталш (школаш) чекхйаьхча, мотт Iамош нохчийн Iамталш кхолла йеза, мотт дика Iамийначунна, кхидIа деша, Iамо дог даийта, совгIаташ дан деза. ХIара вайн мотт дукха шира мотт бу. Дукха меттанаша вайн маттах пайдаэцна хиларна дукха билгалонаш а йу оцу йукъахь.

БАКИР I.Хьамийд
№84, кхаара, лахьанан (ноябрь) беттан 2-гIа де, 2022 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

1 комментари йазйина хIокху “«Даймохк, Ненан мотт»” йаздарна бухахь

  1. Дела реза хуьлда шуна. Даймохк газетах доккха дозалла до ас. Вайн меттан гӀаролаш ду шу. Дала ма йэша бойла вайна шу санна къонахий а мехкарий.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: