Вайн махкарчу ногӀийн хелхар тоьлла фестивалехь

Дагестанехь дӀайаьхьна ногӀийн берийн а, кхиазхойн а «Вайн цӀа — Росси» фестиваль.

Иза регионашна йукъара хиларе терра, Дагестанера а, Нохчийчуьра а, Ставрополан махкара а, Астраханан областера а, Кхарачойн-Чергазийчуьра а ногӀий бара цигахь дакъалоцуш.

Вайн махкарчу ногӀийн куьйгаллехь Курганова Аля йара.

Нохчийчуьрчу ногӀийн Ӏер-дахарна лерина видеокийсак а, 3 хелхар а гайтира цара, иштта, патриоталлин байт а йийшира.

ЖамӀашца а догӀуш, «Халкъан хелхар» декъехь 1-ра меттиг йаьккхира вайн махкарчу ногӀаша.

Фестивалан гурашкахь мастер-классаш дӀайаьхьна хилар а хоуьйту вовшахтохархоша.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: