
Луларчу Украинехь Россис дӀахьочу тӀеман лерринчу операцехь дакъалаца шайн лаамехь боьлхучеран рогӀера тоба дӀайахана А-Хь.Кадыровн цӀарахчу Соьлжа-ГӀалин дуьненайукъарчу аэропортера.
Telegram чуьрчу шен агӀонехь оцу хьокъехь хаам бина Кадыров Рамзана.
Цо билгалдаккхарехь, тайп-тайпанчу халкъийн векалш бу церан могӀарехь.
Иштта, Россин спецназан университетехь (Гуьмсе) цаьрца Ӏаморан а, тактикин а, медицинин хьалхара гӀо-орца кхачоран а декъехь белхаш дӀабахьар а тӀетоьхна цо.
Уьш новкъабахарехь дакъалаьцна республикин Парламентан спикера Даудов Мохьмада, вице-премьера Висмурадов Абузайда, чоьхьарчу гӀуллакхийн министра Алханов Руслана, кхечара.