
Токхамех баланаш хьоьгучу Шуьйтан кӀоштан бахархошна лерина комплекс йу Шуьйтахь йеш.
З-кха гӀатт локхалла йолу дукхапетарийн 6 цӀа хир долуш ду цунна йукъадогӀуш.
Царах 2 цӀа даран белхаш хӀинцале а чаккхене боьрзуш бу.
Цул тӀаьхьа рогӀера (3-гӀа) цӀа дан буьйлалур бу белхалой.
Билгалдоккху и комплекс йаран балхана Ӏуналла деш ГӀишлошйаран а, хӀусамийн-коммунальни бахаман а министерство хилар.
Иштта, цунна йуххехь берийн беш а, ишкол а йар Ӏалашонехь хилар хаийтина Шуьйтан кӀоштан префекта Акаев Руслана.